Страсбургерачу баскетболан клубо дозалла до шайца волучу нохчочух.
03.12.2018

Хир буй Стасбургерачу ишколашкахь нохчийн мотт хьоьхуш? (Суьрташца репортаж)

Хир буй Стасбургерачу ишколашкахь нохчийн мотт хьоьхуш? Цу т1ехь болх болийна Европан шахьарехь бехачу нохчаша. 21 февралехь, дуьнена юкъарчу ненан меттан дийнахь д1адаьхьначу цхьанакхеттарехь дийцаре дира и хаттар меттигерчу культуран а юкъараллин а ц1ийнехь. 

Т1екхуьучу чкъуьйрехь мотт ларбалайта къахьега дезаш хиларехь шайн лаамаш цхьанабог1уш карийра бахархошна. Дуккха а вайнеха бераш доьчушу Страсургерачу школашкахь, нохчийн мотт хьехар юкъадаккха г1ортар цу т1ехь тоьлла г1улч а йолуш.

Шайн лаам ларамза бац боху боламан коьртехь волчу Сусуев Ахьмада.

  • «Францерачу ишколашкахь кхечу къамнех долчу берийн шайн ненан мотт 1амо бакъо ю, дешаран к1иранчохь йиллина хан а йолуш. Амма и бакъо кхочуш ян ларбан безаш цхьа мог1а бехкамаш  бу. Хьехархочунна дала дог1у алапа лахар а цу юкъахь а долуш, Францино луш доцу. Цхьа мог1а кхечу Евробертан паччхьалкхашкахь нохчийн мотт школашкахь хьоьхуш бу. Масала Австрехь а Швецехь а паччхьалкхо алапа а луш вайнеха хьехархой бу рог1ерчу ишколашкахь болх беш. И аьтту бу оха кхузахь лоьхург а. Нагахь санна цунах  г1уллакх хилахь, вайн берийн шайн ненан мотт, кхечара санна, ишколехь 1амо аьтту хир бу. Ткъа хьехархой цу балхана кху г1алахь болуш бу.» 

Аренца бехачу нохчаша шайн мотт ларбар къамлардаран меха хета Сусуевна. Даймахкаца йолу уьйр, марзо хедар ю цера мотт бахь. Цундела х1ора а шен ницкъ ма кхоччу къахьега хьакъ волу болх бу мотт ларбар – боху кхо.

21 февраль ЮНЕСКОс 1999 шарахь д1акхайкхайна дуьненан юкъара ненан меттан де ду. Дуьненчохь долучу меттанех масийтта эзар бан кхерам болуш бу аьлла хета говзанчашна. 2009 шарахь довш долчу меттанашна юкъабахана бу нохчийниг а.

Европера Маршаллийца, Страсбург. 

21/02/2019

__________________________________________________________________________________________________________________________________________

🇷🇺 Чеченский язык будут учить в школах Страсбурга? Работу над этим ведут проживающие в столице Европы чеченцы. Эта тема обсуждалась на встрече, которая состоялась по случаю международного дня родного языка, в одном из городских социально-культурных центров 21 февраля.

Собравшиеся были единодушны во мнении, что нужно предпринимать меры для сохранения родного языка у подрастающего поколения. И лучшим шагом для этого было бы преподавание родного языка в общеобразовательных школах Страсбурга, в которых учатся много чеченских детей. 

Это желание не безосновательное, говорит автор проекта Ахмед Сусуев. 

  • «Во французских школах, детям иностранцев дозволяется изучать родной язык. Даже выделено время. Однако, есть некоторые обязательства, которые необходимо соблюсти. Например, нужно найти зарплату преподавателям, которую Франция не платит. В ряде европейских государств чеченский язык уже преподают в школах. В Австрии и Швеции чеченским учителям платит государство и они работают в общеобразовательных школах. Этого же добиваемся и мы. Если наши усилия обвенчаются успехом, в городе есть квалифицированные педагоги и наши дети смогут учить родной язык наряду с другими».

Сохранение родного языка заграницей, сродни сохранению нации – считает Сусуев. Если будет утерян язык, будет оборвана связь с Родиной, любовь к ней. Поэтому трудится над этим обязан каждый – говорит он.

21 февраля международный день родного языка, который учрежден ЮНЕСКО в 1999 году. Специалисты считают, что несколько тысяч из языков мира находятся под угрозой исчезновения. В 2009 году в их списке включен и чеченский язык.

Европера Маршаллийца, Страсбург. 

21/02/2019

Comments are closed.